1534 шо

Шераш
1530 · 1531 · 1532 · 1533 — 1534 — 1535 · 1536 · 1537 · 1538
Итта шераш
1510‑гӀа · 1520‑гӀа — 1530‑гӀа — 1540‑гӀа · 1550‑гӀа
БӀешераш
XV бӀешоXVI бӀешоXVII бӀешо
II эзар шо
XIV бӀешоXV бӀешоXVI бӀешоXVII бӀешоXVIII бӀешо
1490‑гӀа 1490 1491 1492 1493 1494 1495 1496 1497 1498 1499
1500‑гӀа 1500 1501 1502 1503 1504 1505 1506 1507 1508 1509
1510‑гӀа 1510 1511 1512 1513 1514 1515 1516 1517 1518 1519
1520‑гӀа 1520 1521 1522 1523 1524 1525 1526 1527 1528 1529
1530‑гӀа 1530 1531 1532 1533 1534 1535 1536 1537 1538 1539
1540‑гӀа 1540 1541 1542 1543 1544 1545 1546 1547 1548 1549
1550‑гӀа 1550 1551 1552 1553 1554 1555 1556 1557 1558 1559
1560‑гӀа 1560 1561 1562 1563 1564 1565 1566 1567 1568 1569
1570‑гӀа 1570 1571 1572 1573 1574 1575 1576 1577 1578 1579
1580‑гӀа 1580 1581 1582 1583 1584 1585 1586 1587 1588 1589
1590‑гӀа 1590 1591 1592 1593 1594 1595 1596 1597 1598 1599
1600‑гӀа 1600 1601 1602 1603 1604 1605 1606 1607 1608 1609
Хронологин таблица

1534 (эзар пхи бӀе ткъе итт доьалгӀа) шо Юлианан рузманцависокосан доцу шо, долалуш долу йеарахь. Иза вайн эран 1534 шо ду, 534 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 34 шо бӀешеран, 4 шо 4-гӀа иттаннаш шерашкахь XVI бӀешеран, 5 шо 1530-гӀа шерийн.

Хиламаш

  • Ингалсан парламенто Ингалсан килс мукъайаьккхина Руман куьйгакӀелара. Ингалсан килсал паччахь лакхара хиларан акт («Супрематех акт»). Ингалсан реформацин йуьхьиг (ингалсаллин килс кхоллар). Ингалсехь а, Германехь а Сийлахь Лазаран орденан бахам схьабаьккхина Ӏедало.
  • Парижехь испанин эло Игнатий де Лойолас кхоьллина иезуитийн мозгӀаройн орден. Орден чӀагӀйира Руман Папас Павел III-гӀачо 1540 шарахь.
  • 1534—1559 — Данин а, Норвегин а паччахь Кристиан III.
  • 1534—1536 — Ахархойн-лайн гӀаттам Нидерландашкахь.
  • 1534—1549 — Папа Павел III (1468—1549).
  • Февраль — Ян Матис а, Лейденан Иоанн а коьртехь волу Анабаптисташ фактехь Ӏедал дӀалецира Мюнстерехь. Епископан эскарша Мюнстеран гуо лецира.
  • Туркой тӀелетира Чоьхьара Кавказана а, Месопотамина а. Чоьхьара Кавказехь а, Иранехь а тӀемаш. Ширван а, Малхбузен Гуьржийчоь а дӀалацар. Туркоша Тебриз йаккхар. Туркоша бердйистера Ӏаьрбойчоь йаьккхина БагӀдадехула а, Басрехула а, кхечира ГӀажарийн аймане. Басра йоцург Ӏиракъ схьатохар.
  • Португалхоша Бассейн йаккхар (ХӀнди).
  • 10 майфранцузийн хӀордахо Жак Картьес ткъа дийнахь Ӏапказ чухула некъ бина дӀадиллина Ньюфаундленд[1].
  • 21 майМексикин епископо Хуан де Сумаррагина паччахьо пурба делла Мехикохь дуьххьарлера библиотека йелла.
  • 24 июль — Жак Картье воьссина таханлера Квебекан махка, цигахь хӀинца лаьтта Гаспе шахьар, дӀакхайкхийна и латташ французийн паччахьан ду аьлла[2].
  • 6 декабрьконкистадора Себастьян де Белалькасара Кито гӀала йиллира индахойн ширачу гӀалин саьлнаш тӀехь, хӀинца Эквадоран коьрта шахьар[3].
  • Ингалсера реформацин йуьхьиг.
  • Кануни Султанан Сулейманан а, Роксоланин а ловзар.

Росси

  • Оьрсийн-литвахойн тӀом (1534—1537.

Бина

Ода Нобунагин сурт

Хьажа кхин а: Категори:Бинарш 1534 шарахь

  • Аншиета, Жозе ди — Канарийн гӀайренаш тӀера иезуитийн даӀватхо, Португалхоша Бразили дӀайиллинчу хьалхара бӀешеран дохаллехь колонин Бразилин исторера а, оьздангаллера а уггаре йаккхийчу фигурех цхьаъ.
  • Гуру Рам Дас — сикьхийн воьлгӀа гуру.
  • Лурия, Ицхак — мистикин Ӏилма Къабалин керла агӀо кхоьллина йахӀудийн Ӏелам стаг. Цуьнан цӀарах тиллина лурин къабалин ишколан цӀе.
  • Ода Нобунага — Японин Сэнгоку муьран тӀеман-политический лидер, японин исторера уггаре чӀогӀа гӀарабевллачу самурайх цхьаъ, дерриг шен дахар хьажийна мохк цхьаьнатохарна.
  • Фредерик II — 1559 шеран 1 январехь дуьйна Данин а, Норвегин а ОльденбурггӀеран некъех волу паччахь.

Белла

Климент VII-гӀачун сурт

Хьажа иштта: Категори:Белларш 1534 шарахь

  • Альфонсо I д’Эсте — Феррарин, Моденин, Реджион герцог (1505—1534), Италихойн тӀемнийн а, Камбрейн Лигин тӀеман а декъахо, Борджиа Лукрецин кхоалгӀа майра.
  • Климент VII — Руман Папа 1523 шеран 19 ноябрера 1534 шеран 25 сентябрь кхаччалц.
  • Корреджо — Лакхара Йухадендаран муьрера италихойн суртдиллархо.
  • Пигафетта, Антонио — италихойн хӀордахо, Магелланан-Эльканон (1519-22) экспедицин штатал сов (испан. sobresaliente) волу декъахо.
  • Сангалло, Антонио да (воккхахаверг) — италихойн архитектор а, инженер а. Антонио да Сангаллон деваша.
  • Чайтанья Махапрабху — хӀиндуизман ламастан гаудия-вайшнаван бухбиллинарг, цунна чохь цуо гойту Радхин а, Кришнин а цхьаьна йоьхьца чулацам хилар.
  • Ӏайшат Хьафса Султан — Сулейман I-чун нана, валиде-султан.

Хьажа кхин а

1534 шо

Билгалдахарш

  1. Meeting place — Montreal. Bi-weekly newspaper (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 12 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 4 мартехь Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  2. Квебек и Канада: история Квебека, Жак Картье, Новая Франция, Хартия французского языка Архиван копи 2011 шеран 20 сентябрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь Архивйина 2011-09-20 — Wayback Machine
  3. БСЭ 3-е изд. т. 12 — С. 246